Враги Иблиса

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman

Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

youtube.com/@vayn_hehamash

View in Telegram

Recent Posts

Дог боданера кӀелхьарадоккхуш ерг

Youtube чуьра ссылка
1534-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Цхьа тоба ю, цу чохь хӀора дийнахь массара а 10 агӀо йоьшуш Къуръан чекхдоккху, иштта хӀума лелор муха ду?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух боцуш хӀума ду,  мегар доцуш. ХӀорамма а шен-шен барам боьшуш, масала: тахана 10 агӀо йоьшур ю хӀорамма а олуш тӀедуьллуш, иштта хӀорамма а шена чекхдаккхарх хӀумма а дацара, амма декъа декъна, массара жим-жимма доьшуш чекхдаккхар, иза мегар долуш хӀума дац.

https://t.me/Vragi_iblisa
Фатва 1. Участие в митингах
Ша стенна кхоьллина а ца хаьа

Youtube чуьра ссылка
1533-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Таханлерачу дийнахь Турци хуьлийла и, Тунис я Миср бусалба ю ала мегар дуй? Цигахь шариӀат метта демократи ю, тӀаккха дукхаха берш бусалба нах бу, муха хуьлу и?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Пачхьалкх бусалба маца лору аьлла Ӏеламнехан бес-бесара дешнаш ду, цхьаболчара цигахь лелош шариӀат хила деза аьлла, цхьаболчара паччахь бусалба хилча аьлла, цхьаболчара дукхаха берш бусалба нах хилча аьлла, кхиболчара бусалба динан билгалонаш цигахь гуш елахь аьлла, иштта кхидӀа а... ТӀаккха царах цхьаъ схьалаьцна, цу тӀехь чӀагӀвелла бусалба мохк бан бац бахар нийса дац, тахана вайн цхьаберш санна, шариӀат хилча бен бусалба пачхьалкх ца лору аьлларг схьалаьцна, иза бен цу хьокъехь доцуш санна, я цуьнан а далил шайна девзуш а доццушехь, массарна такфираш дой охьаховшу, иза жехӀлалла ю! Ткъа шариӀат хиларх аьлча, массо хӀума хила ма-дезза кхочушхилла дацахь а, дуккха а долчу хӀуманашкахь лелош дерг шариӀат ма ду, масала, кху Мисрехь, кхеран шайн конституцин бух а оцу шариӀат тӀехь ма бу, хӀинца деана долу Ӏедало иза лело ма-дезза лела ца дарх. Шайх Мухьаммад Хьассана аьлларг а и дара, хӀара цхьа дин доцучу наха цу тӀехула иза бехван а гӀерташ лелла болчу нахаца юкъаметтиг хьекъалца, хьикматца лело езаш хиларх терра, шен хьикматца, нах дукха цец ца баха, вайн вешан конституци ю, вай лелош йоцуш дӀатесна лаьтташ, цуьнца лела деза вай бохура цо. Ткъа кхеран конституци чохь хӀун ду аьлча, коьрта бух бусалба дин, шариӀат бу аьлла, иштта цу маьӀнехь охьадиллина ду, ма-дарра ас хьалхо дийцира кхуза чохь, церан лоьмаршца дийцира моьттуш ву со, иштта ду хьал, цхьаболчу наха эрча ма-даккхара генадаьлла а дац, гӀийла делахь а, тиша делахь а.

https://t.me/Vragi_iblisa
1532-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Юкъа хӀума ца юьллуш картех ловза мегаш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мегаш дац.

https://t.me/Vragi_iblisa
See more posts

View in Telegram